Ильяс Аюбов Нена къант Lyrics

Ильяс Аюбов-Нена к1ант

Соьлжа г1алахь вехаш волуш, Винчу нанна муьт1ахь волуш,
Нена к1ант вар дукха везаш, Хьалхе хедир и дуьненах.

Цо ше нене олуш хилла, ше ар валар дукха хуьлу,
Некъаца ше 1ожал хилахь, г1ийла йоьлхуш ма лелалахь!
Цо ше нене олуш хилла , ше ар валар дукха хуьлу,
Некъаца ше 1ожал хилахь, г1ийла йоьлхуш ма лелалахь!

Хьуна ала дош ца кардо, Ахь лелийна оьзда г1илкхаш,
Вай кхоьллинчу везчу Дала, Г1азот къобал дойла хьан!

И хьа валар ма нисдели, Иман доцчу неха карах,
Бекхам боцуш ма доьрзийла, нийсо ен ерг вай Дела ву.
И хьа валар ма нисдели, Иман доцчу неха карах,
Бекхам боцуш ма доьрзийла, нийсо ен ег вай Дела ву!

Ишта дуьйцуш зама ели,Дуккха денош д1а ма доьвли,
Цхьа шийла кхаъ кхечир нене, Ше к1ант новкъахь вийна аьлла.

1уьйрени ял лойла шуна, Суйрени ял лойла шуна,
К1ант кхиийна к1ента нана, Дала собар лойла шуна!

И хьа валар ма нисдели, Иман доцчу неха карах,
Бекхам боцуш ма доьрзийла, нийсо ен ерг вай Дела ву!
И хьа валар ма нисдели, Иман доцчу неха карах,
Бекхам боцуш ма доьрзийла, нийсо ен ерг вай Дела ву!

See also:

44
44.24
Opwekking 072 Vanwaar de zon opgaat Lyrics
Bachata extreme Vuelve Lyrics